ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юккъерчу алапах уггар алсам бензин эца таро йолу регионаш билгалъяьхна Оьрсийчохь


Юккъерчу барамехь алапа оьцучу Нохчийчуьрчу вахархочун аьтто бу цу ахчанах 558 литр АИ-92 бензин эца. Цу гайтамца Нохчийн Республика 76-гIа меттиг дIалоцуш ю Оьрсийчуьрчу 85 субъектана юкъахь. Цунах лаьцна дуьйцуш ду РИА Новости агенталло бинчу хаамехь.

Цу рейтингехь уггар ледар хьал ду Дагестанехь. Цигарчу бахархошка шайн алапах 514 литр бензин а бен ца эцало. ГIалгIайчохь 40, 45 сом доккху бензин эцало юккъерчу алапах 566 литр. И гайтам гIоле бу Нохчийохь а, кхин йолчу дукхахайолчу Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь а болчул а.

Шайн алапах уггар дукха бензин эцало Ямало-Ненцойн автономин гонерачу бахархошка – 2 эзар 80 литр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG