Оьрсийчоьнан дешаран министралло хьахийна школашкахь мобилан телефонаш лелорна доза тоха дезар аьлла. Цу хьокъехь хьехар дина Роспотребнадзоро а, Рособрнадзоро а, Оьрчийчоьнан дешаран академино а, дуьйцуш ду министраллан сайта тIехь.
И хьехамаш регионашка хьовсор бу керла дешаран шо доладалале. Царна бухе йиллина ю школашкахь мобилан телефонаш лелоран дуьненаюкъара зеделлачун анализ.
Иштта, цу талламашца а догIуш, школехь урок йоьдуш мобилан телефон лелорна доза тоьхча дика хир ду аьлла хеташ бу 61% дешархой а, 89% дай-наной а, 90% хьехархой а.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?