ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьа стаг вийна, 2 лазийна ГIалгIайчохь 4 машен тӀеттӀакхетта


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Кхо жима машен а, "КамАЗ" а тӀеттӀакхетта ГIалгIайчохь Соьлжан кIоштахь. "Интерфаксо" бинчу хаамца, иза хилла "Кавказ" федералан некъана тIехь.

Болчу хаамца, Toyota Camry машен дуьхьал богIучу некъа тIе а яьлла тIекхетта "КамАЗна". И бахьана долуш киралело машен тIекхетта ВАЗ -21114 а, Hyundai Solaris а шина машенна.

Меттигерчу МВД-н векло бинчу хаамца, Hyundai-на хьалха хиина стаг велла. Цунна тIехьа йогIуш хиллачу Toyota-н шофер а, цуьнца чохь хилла некъахо а лазийна. И шиъ дIакхачийна Соьлжарчу дарбанан хIусаме.

Хилларг къастош ю некъан полици.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG