ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

7 шо долу Iайша гергарчара нуьцкъаша дIаяьккхина хилла цуьнан ненера


7 шо долу Iайша а, Оьрсийчоьнан берийн омбудсмен Кузнецова Анна а.
7 шо долу Iайша а, Оьрсийчоьнан берийн омбудсмен Кузнецова Анна а.

Ажигова Iайша гергарчара нуьцкъаша дIаяьккхина хилла ненера. Цунах лаьцна дийцина 7 шо долчу йоIан нанас Евлоева Лидияс "Газета.ру" сайте.

Товбецан-баттахь Ажигова вочу хьолехь дарбанан хIусаме ялийнера Несарахь. Цул тIаьхьа сихонца иза дIакхачийра Москох клинике. Лоьраша куьйган дакъа дIадаьккхина цуьнан, йина чевнаш харцахьа йовларна.

ЙоIан дейише Ганиева Макке бехккховдийна, цо беран могашалла леррина галъяккхарна. Талламхоша дийцарехь, йоIана хаддаза етташ хилла цо. Ганиеван версица, нанас шен лаамехь дIаелла хилла цаьрга Iайша, иза кхаба аьтто ца хиларна.

Евлоевас дийцина жуналисташка, ша даима а Макка йолчу эхара йоI схайоьхуш, амма цара эккхайора ша аьлла. Нанас чIагIдо, шена ца хаара бохуш, йоI оццул кIизачу хьолехь латтош хилар.

Цо даре до, бер хьийзорна шен бехк хилар, амма шеца яха дIайига лаь цунна йоI.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG