ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ХIинццалц схьа латкъамаш бина бацара цара"


Зазадоккху-беттан 26-27-чу а деношкахь Магасера митингна тIехула 30 гергга ГIалгIайчоьнан дIалецна, талламан изолятор чохь латточу бахархошлахь шиъ гIеметтахIоьттина стаг ву, - къано Барахоев Ахьмад а, ГIалгIайчуьрчу тайпанийн Кхеташонан хилла куьйгалхо Ужахов Малсаг а. Цхьаннан 65 шо ду, вукхуьнан 67.

Карарчу беттан 9-чохь лаьцна вуьтуш, хан дIаяхъйира Барахоевн ГIадужу-беттан 11-чу дийне кхаччалц. Ткъа Ужахов чохь вуьтур ву Гезгамашин-беттан 25-че кхаччалц.

Ала догIу, чохь Iашшехь Ужаховна дуьхьал кхи а цхьа гIуллакх диллира кхелахоша - бакъонна дуьхьалара дарш лело, коммерцица йоьзна йоцу организаци а кхоьллина, цуьнан куьйгалла дарна. Юьйцург ю тайпанийн Кхеташо.

Дахначу кIирнах Iорадаьлла Ужахов Малсаган могушалла телхина йогIуш хиларх. "Дагца лазар токхуш волу иза даим а молханаш мийла декхаре ву, заьIапхо ву иза. Цул совнах, диета ларъян езаш а ву, хIунда аьлча, диабет токхуш ву иза. Хьорзамха екхоь дIаяьккхина волу иза, даим а гормонан молханаш тIехь латто везаш ву", - аьлла, дийцина "Каваз.Реалии" портале Ужаховн адвокато Куриев Жабраила.

"И препараташ йоцуш цхьа мур баьхьира цо. Кху беттан 13-чохь хилира со иза волчахь. Малсаг суна вевза 20 шо гергга хан ю, цундела сан тидам хилира цуьнгахь дика хьал цахиларан. Цхьа кхоьлина вара иза, юьхь а жимма йистина хийтира суна. Ша къонах стаг хиларна, Малсаган Iедал дац латкъамаш беш. КIирнах бохург санна, мала молха йоцуш висинчу цуьнан могушалла эшна йогIу. ХIинца аьтто баьлла тхан молханаш цунна дIакхачо, делахь а хIокху ситуацино садуу тхан", - аьлла Куриевс.

Лаьцна латточу нахана, Оьрсийчуьрчу низамашца, лоьрийн гIо латто дезаш ду, ишта молханаш а боху адвокато.

"Набахтехь стаг вита йиш йоцчу цамгаршлахь хIара лазарш дацахь а, суна схьахетарехь, шен цIера дIасавалар а дихкина, вита везаш хиллера Малсаг. Низаман духехь яздина ма ду, лаьцначун дегIана нийцкъбан мегар дац аьлла. Ткъа ницкъ ловш ву-кх СИЗО-хь латтош волу Ужахов Малсаг", - дуьйцу Куриевс.

ГIебарта-Балкхаройчоьнан Лакхарчу кхеле Ужахов лаьцна латторах бина латкъам кхиамца бирзина шайн, хIинца ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Лакхарчу кхеле кассацин арз кечдеш ву ша аьлла, билгалдаьккхина адвокато.

"ГIора эшна цуьнан, цундела мотт баьстина цо"

Кхи цхьаъ а гIалгIайн тутмакх Барахоев Ахьмад, Ужахов а санна БуьритIерчу СИЗО-хь латтош ву.

"Кху беттан 14-чохь хилира со иза волчахь. Дуьххьара хаийти цо соьга, шегара хьал дика дац аьлла. ХIинца реза хилла иза, хаамийн гIирсашкахь шегарчу хьолах даржадайта. Лоьрийн дарба шена оьшуш хилар Iорадаккхар а доьху цо. Луург хIун ду, цуьнан могушалла зер, лоьраша-говзанчаша, иза чохь воллушехь цунна лело аьтто болу дарба хьехар а", - аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале Барахоевн адвокато Урусова Фатимас.

"Онда могушалла йолчу къоначу стагна а хала ду массо а хIуманах дIа а хаьдда ваха. Масала, адаман организмна оьшуш йолу кIалд, тIо, ораматаш чуйохьуьутуш яц изолятор чу. ХIаъ, уьш йоцуш Iойла ду, амма вайн дегIера гIора дIадолу, царех пайда оьцуш ца хилча. И дерриг а вайна хьалха долчу хенахь, вай ойла ца йо цуьнан. Эхасахьтехь бен арахь, хIаваэхь ца вуьту, цу доллучо а хенан йохалла Iаткъамбо хьан могушаллина", - дуьйцу Урусовас.

Ужаховн а, Барахоевн а могушалла эшарх цхьабоса гучудаьлла, адвокатна хетарехь, масийтта баттахь шайн цхьана резерваш тIехь лаьттина уьш, ткъа хIинца, гарехь, ницкъаш эшна церан.

"Ахьмад Iаламат къонахалла йолуш, собаречу нахах ву. Юьхьанца дуьйна бакъо ца лора цо кхунах лаьцна дийца. Ас олура цуьнга, хьайн могушаллин терго е, медицинан гIо а деха, олий. Дуьхьалонаш йора цо, оьшуш дац бохуш. "Со дика ву, дерриг а Дела карахь ду" жоп лора цо.

Дуккха а гIалгIайн кегийрхой лецна хиларх дуьйцуш олу цо, ша а цаьрца цхьана лаьцна волуш дика хета шена, хIунда аьлча, уьш чохь а бахкош, ша маьрша витинехь, лан хала хир дара шена.

Ишта олура цо, нагахь санна, со сайн могушлла ялхон волалахь, наха сагатдийр ду суна. Дахначу кхаарийдийнахь ду-кх дуьххьара, цо соьга латкъамбина. Нийса кхетал шу-м, со зуда ю, иза боьрша стаг ву. Ца лаьара цунна, осалвийла, цуьнан багара ийзадора ас хIора а дош. Делахь а, хIинца Iаламат чIогIа ницкъ хуьлу цунна, цундела ца ваьллачу денна латкъамбо", - аьлла, билгалдаьккхина адвокато Урусовас.

"ХIинца Iалашо ю –шолгIа ког дIа ца баккхийта бахьанаш лело"

Урусовас дийцарехь, Ужаховн сагатдийриг, лазаевлла цуьнан хоттаргаш ю. Цхьа шо гергга хан ю цуьнан цхьана голан хоттарган метта имплант хIоттийна.

"Операци йинчул тIаьхьа, ша заьIап хиларх кехаташ кечдеш вара иза. Ткъа хIинца цуьнан шолгIачу коге девлла лазарш. Импланташ шина а голан хоттаргашна хIитто езаш ю, цхьа шо ши шо даьлча шолгIа голаца а проблемаш юьйлалур ю хьан баьхнера цуьнга лоьраша", - боху Урусовас.

"ШолгIа ког дIа ца баккхийта хьовса деза хIинца. Ахьмадан шен лоьраш бу, иза хьалха тIелелла. Цунна операци йина Питерера лор ву, ГIалгIайчохь иза шен тергонехь латтийна лор а ву. Лоьраш цунна тIебитийта хьовсур ду тхо тхайн ма хуьллу. СИЗО-хь болчу лоьрашкара гIо хир дац, цуьнгара хьал девза лоьраш беза цунна", - аьлла, тешна ю адвокат.

ЦIера кхоьхьуьуйтуш ду молханаш Барахоевна, Ужаховна а санна.

"Ишта оха апелляци чуелла Ставрополан кIошта кхеле, хIунда аьлча, иза чохь вуьту хан дIаяхъеш, сацамбинарг Ессентукера кхел ю. Дог тешна ду тхо, лакхарчу инстанцин кхело хьекъале маьIна а дина, йа лаьцначеран могушалла кхи тIе а эшахь, хиндерг хиина, царна дIасабовлар а доьхкуш, шайн хIусамехь хан цаьрга йоккхуьйтур ю аьлла", -тешна ю адвокат Урусова.

Аспирин дехнера

"Дукха хан йоццуш ахча вовшахтоха дуьйлира тхо тутмакхашна лерина. Товбеца-бутт бовш дара и, йа карара бутт болалуш, билггал ала ца хаьа суна. ХIетахь дуьйна, шозза царна цхьацца хIума чуяла аьтто хилла тхан. Дика хьийза нах. Дуьххьара тIаьхьадаха оьшу ахча 2-3 дийнахь вовшахкхийтира тхан", - аьлла, дийцина "Кавказ.Реалиига" ахча вовшахтоха дагадеанчу Кодзоев Бориса.

"Дукха хьолахь, сурсаташ дIакхачайо оха царна, - масала, стоьмаш, хастоьмаш, йоьхьаш, нехча, ишта шампунь а, сабанаш а", - боху цо.

Дуьхьало йоцуш чуоьцу дIаяьхьнарг, тIаьххьара оха кечдинера аспирин, витаминаш, цхьацца кега-мерса молханаш а. Аптекера чек бен яцара тхоьгахь, дIа ладоьгIча, оьшуш хилла сертификатан копи а цхьана, цундела медикаменташ дIа ца ийцира тхоьгара.

"СИЗО-хь латточу нахана оьшу молха-дарба изоляторан администрацино латто дезаш ду", - аьлла "Iазапна дуьхьало латточу комитетан" куьйгалхочун гIоьнчас Хабибрахманов Олега.

"Нагахь санна медикаменташ СИЗО-хь луш яцахь, адвокаташа чукхачор а лелаш хIума ду. Нагахь санна, изоляторан дарбан хIусамехь оьшу молханаш дацахь, лаьцначо тIедожо деза шен чоьтах шена молханаш даийтар. Низамашкахь цуьнан дехарна жоп дала декхаре а бу", - аьлла бакъонашларъярхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG