ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенна ницкъбо Кавказехь берашна спортехула?


Кху деношкахь Нохчийчуьрчу Гезал-эвларчу итт шо долчу Якубов Iарбис 4874-зза лаьттара дегI айдина, рогIера дуьненан рекорд хIоттийна берашна юкъахь. Къилбаседа Кавказехь дуьххьара баьккхина кхиам бац хIара. Амма, "Кавказ.Реалии" портало хаттам бинчу эксперташа дIахьедарехь, кегийчу берашна профессионалан спорт пайден ю олийла дац, уггар а хьалха, церан-дайша а, наноша а шайн амбицеш хьалхаяхар ду иза.

Якубов Iарбел а хьалха рекорд хIиттийнарш бу. Масала, стохка Лахьан-баттахь Дубай эвларчу пхи шо долчу Куриев Рахьима цкъа дIахIоьттина, кхин юкъах а ца волуш, 2 сохьтехь 25 минотехь а 4105-зза куьйгаш тIехь дегI лелийра. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан рекордийн жайни юкъа а вохуьйтуш, ворхI рекорд хIоттон аьтто белира цуьнан.

Цунна тIаьхьа дуьненан рекорд яьккхира гIалгIайн Керла Рядант олучу юьртарчу 6 шо долчу Льянов ИбрахIима. 4445-зза лаьттара куьйгаш тIехь дегI лелийра цо. Ткъа Кхарачойн Чергазийчуьрчу Джемакулов Мухьаммада Кызыл-Юртахь изза рекорд йира шина сахьтехь 2085-зза хьала- охьа а таьIаш.

И боллу берийн кхиамаш хилира Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан бераша латаршкахь дакъалацарна тIехула хиллачу скандалан фонехь.

Карладоккху, оцу латаршна юкъаваха йиш яц 21 шо кхаьчна вацахь. Амма хIетте а, ММА-н бакъболу латархой санна тийсабелира 10 шераш долу Кадыровн кIентий, тIехь оьшу экипировка а йоцуш. Гоьваьллачу оьрсийн латархочо Емельяненко Федора емалдира берийн латарш.

Пайда йа зен?

Берийн рекордех шайна хетарг довзуьйтучу юкъанна, массо а ца хуьлу царна реза: бераллехь дIахьочу гIора дойучу Iамораша ницкъ бан тарло берийн психикана а, церан догIмашна а боху цара.

"Кавказ.Реалии" портало хеттарш динчу цхьана декъана хетарехь, спортехь жигаралла гайтар даим а пайден ду олийла дац берашна. Ткъа важа дакъа тешна ду, кегийчу берашна жимчохь дуьйна ницкъбича, уьш сиха марзло дегIана хуьлучу йозаллех дIаэен.

Спортехь бераша дакъалацарх дала цхьа жоп дац элира, "Кавказ.Реалии" порталца хиллачу къамелехь Махачкаларчу спортклубан тренеро. ХIора бер вовшех тера доцуш хуьлу. Цундела массарех а цхьатерра олийла дац аьлла хета цунна.

Къилбаседа Кавказерчу федералан университетан хьехархочунна Татьянина хетарехь, спортан Iамораша зен до даьIахкаш кхиарехь.

"ГIуллакх ишта дIадахлахь, ондачу оьзгаша дуьхьало йо дегIан даьIахкашна кхиа, тIаккха тарло и бер лоха диса а", - боху цо.

Прагерчу фитнес-центран инструкторо Дмитрий бахарехь, оцу шерашкахь дегIана ницкъ хилар дац дуьйцург, психологин гIора ду коьрта, хIунда аьлча, доьналле агIонаш яхчало оцу берашкахь къаьсттина жимчу хенахь.

"Шен дегIан йозаллица болх бар ду кхузахь коьртаниг, нагахь санна, оцу беро цу кепара рекордаш хIиттош елахь, цуьнан организм ларош ю-кх", - боху эксперто.

Амма, мухха делахь а, дозанал а арахьа бечу талламаша гайтарехь, юккъерчу барамехь берийн догIмашна ницкъбар тоаме ду.

Масала, Швейцарерчу а, Канадерчу а Iилманчаша билгалдоккху, кIиранчохь 14 сахьтехь спортехь хилар кегийрхошна тоаме ду. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкарчу могушалла Iалашъяран органаша кхиазхошна магийначул а барам лакхара гойту цу терахьаша аьлла хета (6 сахьера 14 сахьте гергга кIиранчохь).

Оцу жамIаша тоьшалла до, 17 сахьтал а сов спортан хIусамашкахь хан йойучу нехан могушалла спортаца гергарло данне а доцчу нехачул а оьшуш цахиларх.

Материалан автор Билалов МаIаз

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG