ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан туризман центр «Visit Chechnya» схьайиллина Истанбулехь


«Visit Chechnya» туризман информацин центр болх бан йолаелла Туркойчуьрчу Истанбулехь. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан туризман министро Байтазиев Муслима, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Центро болх бийр бу Истанбулерчу Оьрсийчоьнан визан центрехь. Цигахь дуьйцуш ду Нохчийн Республике баьхкинчу туристийн хир болчу аьттонех лаьцна.

Байтазиевс дийцарехь, Истанбулехь схьйиллинарг 6-гIа центр ю «Visit Chechnya» проект кхочуш ярехула. Министро бинчу хаамца, рогIера цу тайпа центр схьйоьллур ю Берлинехь а (Германи), Бернехь а (Швейцари).

Нохчийчоьнан туризман министралло далийначу терахьашца, 2018-чу шарахь Нохчийчохь хилла 150 эзар гергга турист. Уьш бара Оьрсийчуьра а, Советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу пачхьалкхашкара а, ткъа иштта а генарчу а, гергарчу а кхечу пачхьалкхашкара а бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG