Кхо шо колонехь доккхур ду Нохчийчуьрчу вахархочо Хадисов Абубакар-Сиддикъа. Иза бехке вина интернетехь экстремизман чулацам болу комментари йитарна. Цу кепара сацам бинарг ю Къилбаседа Кавказан гонан тIеман кхел, хаам бо "Кавказский узело".
Болчу хаамца, 2018-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь Хадисовс интернетехь ши сурт хIоттийна хилла, тIематасадаларехь вийна ши тIемало тIехь а волуш. Оцу сурташна бухахь комментари йитина цо, суьдо яздарехь, "терроризм лело а, терроризм бакъ лору а" чулацам болу.
Кхело бехке лаьрра Хадисов гуш-хезаш терроризм лело кхайкхамаш барна а, иза интрнетехь бакъ ларарна а. И тайпа зулам динчун деш долу уггар луьра таIзар ду 7 шо хан тохар.