ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан космонавташ Iамор бу Къилбаседа Кавказехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Космонавташ кечбон центр кхолла мегаш ю Къилбаседа Кавказехь. Цунах лаьцна хаам бина Роскосмосан куьйгалхочо Рогозин Дмитрийс, "Машук-2019" форуман декъашхошна хьалха вистхуьлуш.

Цо дийцарехь, космонавтийн ламанан а, парашютан а кечам бар аьтто болуш хир ду Къилбаседа Кавказехь. И бахьана долуш масийтта республикехь хилла шаьш, космонавташ кечбан центр кхолла меттиг лохуш аьлла Рогозина.

Хьалхо хаамаш баьржира 2020-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан космонавташ цхьана декъана кечбийр бу Нохчийчохь Гуьмсерчу Оьрсийчоьнан лерринчу эскаран тобанан университетехь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG