ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жоьпе озийна Магасера митинг дIасалалла реза ца хилла 13 полисхо


ГIалгIайчоь, Магас, митинг

ГIалгIайчохь бехктакхаман гIуллакх долийна Зазадоккху-беттан 26-27-чу деношкахь Магасехь хилла митинг дIасалалла реза ца хиллачу 13 полисхочун дуьхьал.

Цунах лаьцна хаам бина «МБХ медиа» зорбан гIирсо, адвокатана Куриев Мохьмадна тIе а тевжаш. Цо бинчу хаамца, полисхойн гIуллакх къастор ду кхелехь къевлинчу рожехь. Берриг а жоьпе озийначу наха кехат тIе куьг таIийна, цу гIуллакхах лаьцна дIасадуьйцур дац шаьш аьлла.

Болчу хаамца, Марсхьокху-беттан 20-хь суд реза ца хилла цара шаьш балхахь юхаметтахӀоттарах лаьцна бина латкъам листа.

Зазадоккху-беттан 26-27-чу деношкахь митинг хилира Магасехь референдумах лаьцначу меттигерчу низамна тIехь хийцамаш барна дуьхьал (хийцамаш цхьана агIор боьзна бара Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш барт барца).

И акци дIахьош тасадаларш хилира митинган декъашхойн а, Росгвардин эскархойн а. Оцу юкъагIоьртина полицин батальон дIайохийра, митинг дIасалалларна новкъарло ян гIортарна бехке а йина.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG