ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муьлш бу Оьрсийчохь болх лоьхурш?


Узбекистанера 900 эзар стаг ву, Таджикистанера 500 эзар. Оьрсийчу балха баьхкинчу кхечу пачхьалкхашкарчу бахархойн терахь Iорадаьккхина ФСБ-но.

ТIаьххьарчу 20 шерачохь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн дозанхойн хьукмато официалехь зорбане даха долийна болх лоьхуш кхечу пачхьалкхашкара Оьрсийчу баьхкинчу нахах терахьаш. Федералан урхаллан статистика лелочу сайте даьхначу документех цхьадерш довзуьйту РБК агенталло.

2019-чу шеран хьалхарчу эхашерачохь Оьрсийчу кхаьчна 15 миллион сов кхечу мехкашкара нах. Цара билгалдаккхарца, цхьаберш белхан гIуллакхашна, кхинберш туристаш санна, цхьа дакъа деша Iалашонца, ишта нисло аэропортехь транзитан зонехула чекхбуьйлурш а, кIезиг бац тховкIелоне сатуьйсурш а.

Оцу 15 миллионах 2,4 миллион нах баьхкина Оьрсийчу болх оьшуш. Цара шаьш дIахьедина, оцу бахьанца даьхкина шаьш аьлла.

Йозушйоцчу Пачхьалкхийн Юкъараллера (СНГ) бу дукъахболу Оьрсийчу балха оьху нах.

· 918 эзар вахархо кхаьчна Узбекистанера,

· 523,9 эзар ву Таджикистанера схьаваьлла,

· 265 эзар ГIиргIазойчуьра ву,

· 164,6 эзар вахархо Украинера,

· 105,3 эзар ву Казахстанера.

Генарчу пачхьалкхашкара Оьрсийчу болх лоьхуш баьхкинчийн терахь Iаламат лахара ду:

· 50,2 эзар стаг веана Китайра,

· 10,8 эзар вахархо Германера,

· 10,2 эзар кхаьчна Туркойчуьра.

Ишта тIаьххьарчу эхашерачохь Оьрсийчу балха веана 4, 3 эзар Великобританин вахархо. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкара чувеана 3, 7 эзар стаг.

Хьалхо Росстато Iорадаьхнера мигрантех шаьш дина зераш, амма церан информаци яра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан органаша хIоттийначу статистикин бух тIехь. Ткъа ФСБ-н дозанхойн урхаллан чоьтаца мухIажирш дуккха а сов бу.

Чоьхьарчу гIллакхийн министралло дахначу шарахь динчу жамIашца, Оьрсийчохь болх а карийна, вехаш хилла, мел лахара а, 15 миллион мигрант. Царех:

· 4 миллион сов вара царлахь Узбекистанера,

· 2 миллион сов хилла Таджикистанера,

· 1,8 миллион стаг Украинера,

· 1,5 миллион вахархо Китайра.

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хьесапашца, ГIиргIазойчуьра баьхкинарш 900 эзар гергга хилла, Эрмалойчуьра а, Азербайджанера а 630-650 эзар мигрант хIора а махкара, Молдовера 540 эзар хилла.

Материал кечйина "Настоящее время" телеканало

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG