ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тюменехь теллина даьлла нохчаша полисхочун еттарх лаьцна гIуллакх (видео)


Тюменерчу Талламан комитетан урхаллан сайта тIера сурт. Тура хина тIехула дехьавалар
Тюменерчу Талламан комитетан урхаллан сайта тIера сурт. Тура хина тIехула дехьавалар

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Тюменера урхалла теллина яьлла, пIелг а кагбеш, полисхочунна еттарна нохчашна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх, хаам бо ZNAK интернет-газето.

Талламан версица, 2018-чу шарахь Марсхьокху беттан 8-хь полисхошна а, нохчашна а юкъахь дов иккхина хилла Тюменехь Тура хина тIехула дехьаваларехь. Цигахь болх беш волу 4 нохчи а, 2 полисхо а вара леттарг.

И бахьана долуш полисхочо тапча тоьхна лазийнера цхьа нохчо, ткъа нохчаша йиттина цхьа полисхо тIаьхьо реанимаце кхачийнера. Дов даьллачу метте кхаьчначу Росгвардин эскархоша лаьцна дIабигинера нохчий.

Талламан комитетан урхаллан зорбан сервисо бинчу хаамца, цара бехк кховдийна 53, 36, 31,19 шераш долчу 4 нохчочуьнга.

Адвокато дийцарехь, дов долийнарг вара цигахь болх бечу нохчочун тIе машен а тухуш, мах а ца луш, шен машен бурумна тIе яккха гIоьртина полисхо. ТIехула тIе полисхой полицин белхахочун барзакъ доьхна а ца хилла. Дов иккхинчу меттехь яьккхинчу видео тIехь дика гуш ду хилларг.

Талламан комитето бинчу хаамца, 4 нохчочунна хан тоха мегаш ю 12 шо колонехь даккха хIоранна а, Оьрсийчоьнан криминалан кодексао догIуш Iедалан белхахочун ницкъ барна 10 шо бен тухуш дацахь а.

Карарчу хенахь нохчашца дов даьлла хилла ши полисхо чувоьллина ву. Кхушеран Дечкен-беттан 22-хь и шиъ лецира ФСБ-н а, полицин чоьхьарчу кхерамазаллин декъан а белхахоша. Бакъо а йоцуш, харц дина сурсаташ ду аьлла, совдегарера уьш дIадохуш хилла и шиъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG