ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь тIом бина 80 стаг чувоьллина 1999-чу шарахь дуьйна - Талламан комитет


Басаев Шемил.
Басаев Шемил.

1999-2019-чу шерашкахь лаьцна, кхелаш а йина, 80 сов стаг чувоьллина Дагестанерчу БотIлихан а, Цумадан а кIошташна тIелатар дарна. Цунах лаьцна хаам бо Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Цу нахана хенаш тоьхна 3-нна тIера 19-сса шаре кхаччалц колонешкахь яккха.

Карарчу хенахь дуьненаюкъарчу а, федералан лехаме велла ву 28 стаг. 7 тIемалочун дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх, шайна юкъахь Басаев Шемил а волуш, сацийна уьш кхалхар бахьана долуш.

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Къилбаседа Кавказехула йолчу коьртачу урхалло кху деношкахь теллина чекхдаьккхина Бегельдиев ТахIирна а, Отепов Нариманна а дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх. И шиъ бехке веш ву эскархой байа гIортарна.

Таллам беш 70 сов эскархо а, церан гергарнаш а лебина шаьш, боху талламхоша. Зулам гуш долчу хьелашкахь ца динехь а, талламо тоъала тоьшаллаш гулдина и шиъ кхеле озо, хаам бо Талламан комитетан зорбан сервисо.

ТаIзар ца дича ца долуш хиларан кхетам бухе биллина Талламан комитето Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахошца цхьана кхин дIа а жигара болх бийр бу Басаевн а, Хаттабан а тобанера кхин болу декъашхой схьалаха, аьлла ду Талламан комитетан хаамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG