ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодарехь дагестанхо вийна. Лоьхуш ю Нохчийчуьра номерш йолу машен


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дов даьллачохь герз тоьхна стаг вийна Краснодарехь кхаарин буса. Иза ву Дагестанан вахархо, хаам бо "Регион Онлайн" керланийн агенталло.

Буьйсанна хилла инцидент толлуш, полисхоша лоьхуш ю зуламхойн хила мега машен. Талламхой шеко йолуш бу герз диттинарш цу тIехь дIабахана хила мега аьлла. Болчу хамца, лоьхург ю Нохчийчуьра номерш йолу "Лада Приора".

Талламан комитетан Краснадаран махкарчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, шина тобанан дов даьлча цхьана стага, хьежа а ца деш, герз диттина. Шозза герз кхетта 27 шо долу жима стаг велла дарбанан хIусамехь.

Верриг чов хилларг маса стаг ву къастош бу полисхой. Иштта къастош ду цу девнехь дакъалаьцна нах муьлуш бу а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG