ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Владикавказ ГIалгIайчоьнан гIала лоручу блогеро жоп делла шена кхерамаш тийсарна


Владикавказ.
Владикавказ.

Блогер Плато Артем мехкашкахула а, гIаланашкахула а лелаш ву, шен Youtube-каналехь видео роликаш арахьоьцуш. Маситта бутт хьалха иза хилира Къилбаседа ХIирийчоьнан коьртачу гIалахь Владикавказехь.

Ша арахецначу видеохь блогеро дуьйцу цу гIалах лаьцна, иза ГIалгIайчоьнан хила езаш ю бохуш.

ХIирийчуьра бахархой цу ролико оьгIазбахийтина, яздо "Регион Онлайн" керланийн агенталло. Цара атака йина блогеран аккаунтана, цунна кхерамаш туьйсуш.

- Вуно дукха дералла ю! Вуно дукха! Ма дарра аьлча, иза шуна хетарг ду, ткъа ас лара дезаш ду иза. Амма массо а кхерамна ала ду сан – шун эхь-бехкенна дуьтур вай иза, - аьлла блогеро социалан машанехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG