ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрмалойчохь "низамехь къу" Арутюнян вийнарг ву Соьлж-ГIалан вахархо


Ереванера полици
Ереванера полици

Криминалан гонашкахь дош лелаш хилла 46 шо долу Арутюнян Андраник ("Андик Массивский", "Мацивси Андик", "Андо Хромой") вийнарг ву Соьлж-ГIалан вахархо. Цунах лаьцна хаам бина, Эрмалойчоьнан Талламан комитето, хаам бо "Спутник" телеканало.

"Сихонаца бинчу талламо гайтина Арутюнянна "дахарца цхьаьна ца йогIу чевнаш" йинарг 32 шо долу Оьрсийчуьрчу Нохчийн Республикан коьртачу меттиган Соьлж-ГIалан вахархо хилар", - аьлла ду талламхоша бинчу хаамехь, яздо "Спутнико".

Дийцарехь, и стаг Эрмалойчу веана хилла Мангалан-беттан 25-чу дийнахь, ткъа Товбецан-беттан 3-хь Нью-Йорк цIе йолчу Ереванан административан кIоштахь цо 4-зза тапча тоьхна вийна "низамехь къу" олу криминалан авторитет.

Хьалхо Эрмалойчоьнан полицин хьаькамо Осипьян Валерийс а хаам бира журналисташка, Арутюнян цхьаммо леррина вейтина ву аьлла. Иза вийначун гIо дарна полицино лаьцна ву 50 шо долу Ереванан вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG