ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

95 Rolls-Royce йоьхкина Оьрсийчохь. Царах 2 -- Нохчийчохь


Rolls-Royce Cullinan-ан мах бу лаххара 26 миллион сом
Rolls-Royce Cullinan-ан мах бу лаххара 26 миллион сом

2019-чу шарахь хьалхарчу 7 баттахь Британехь еш йолу Rolls-Royce люкс классан машенаш эцна регионаш билгалъяьхна Оьрсийчохь. Цунах лаьцна хаам бо "Автостат" талламан агенталло.

Уггар дукха Rolls-Royce-ш йоьхкина Москох (50) а, Москохан кIоштахь (11) а. Петарбухехь уьш эцна 10.

Rolls-Royce-ан 4 модель эцна Краснодаран махкахь, 3 -- Свердловн кIоштахь. Цу тайпа шишша машен эцна Приморьехь а, ГIезалойчохь а, Нохчийчохь а. Цхьацца Rolls-Royce йоьхкина кхин а Оьрсийчоьнан 10 регионехь.

Уггар дукха эцнарг ю царна юкъахь 26 миллион соьмана тIера мах болалуш йолу Rolls-Royce Cullinan.

Ерриг а Оьрсийчохь кхушеран хьалхарчу 7 баттахь йоьхкина 95 Rolls-Royce. И терахь 92% алсам ду стохка хиллачуьнца дуьстича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG