ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Лачкъийна вац, сацийна ву?"


Дагестанерчу Хасав-Юьртан кIоштахь кху беттан 18-чу дийнахь лачкъийна вигина 24 шо долу Теречное олучу эвлара Исаев Кемран. ТIаьхьо къаьстина хилла, полицин декъехь иза латтош хилар. Хасав-Юьртан кIоштарчу полисхойн декъан хьалха митинге гулбеллера кIентан гергарнаш, иза дIахецар тIедожийна. Шена тIехь Iазап латторах, дIахьедина Исаев Кемрана.

Хасав-Юьртахь дIахьочу митингехь яьккхина видео социалан машанашкахь яржийначул тIаьхьа, республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Инстаграмерчу шен агIон тIехь хаамбинера, "Исаев лачкъийна вац, сацийна ву" аьлла.

Министраллан дIахьедарца, оперативан талламаш дIахьочу юкъанна кху беттан 18-чохь лаьцна иза Хасав-Юртахь.

Полисхоша чIагIдарца, Исаев лаьцначул тIаьхьа цуьнан дегIах карийна граната а, тапча а, бархI патарма а. Бакъо йоцуш тIеман гIирс лелорна бехкзуламан гIуллакх долийна цунна дуьхьал.

"Кавказ.Реалии" порталан корреспонденте чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанчаша дийцина, цхьана ханна цхьаммо Iалашдан делла хилла цуьнга герз аьлла.

Исаев Кемранан адвокато Усманов Руслана дийцина, ша Iалашван тIелаьцначун дешнашца, Хасав-Юьртан кIоштарчу Теречное а, Советское а олучу шина эвлана юкъахь 18-чохь полисхоша цуьнан машен сацийнера аьлла.

Машенан "багажник" еллийтира шега, цул тIаьхьа Хасав-Юьртарчу полицин декъе дIавигира ша аьлла, дийцина адвокато, Исаевс бахарца.

Ткъа цуьнан гIуллакхан материалашкахь яздина ду, дуьйцу адвокато, полисхоша ша сацийча муьтIахь цахилира Исаев, цул тIаьхьа таллам бича, цуьнгахь тIеман гIирс хиллера аьлла.

"Исаевна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доккхуш, бинчу сацамна тIехь билгалдаьккхина ду, полисхоша Хасав-Юьртарчу Толаман урамехь сацийна ву Исаев. Хьайн кехаташ гайта аьлча, вада гIоьртинера иза, амма шайн ка елира иза дIалаца. ХIетте а шайна дуьхьало йора цо боху. Цундела полицин декъе схьавалийра шаьш иза. Цул тIаьхьа цуьнан дегIах хьовсучу заманчохь, герз хиллера цуьнгахь аьлла, яздина ду материалашкахь", - дийцина Усмановс "Кавказ.Реалиига".

ТховтIехь лардеш хилла?

Ялх шо хьалха ша Шема "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхета ша дIавоьдучу заманчохь Исаевн стунвешо цуьнга дIадилла делла хилла и герз а, патармаш а аьлла, хьесап дина талламчаша, дийцина адвокато. ХIетахь дуьйна тховтIехь къайладаьккхина латтош хилла цо герз а, тIеман гIирс а боху талламчаша.

Кху беттан 18-чохь гIишлошъяран гIирс схьаэца тховтIе ваьллачу хенахь ларамза бIаьрг кхетта хилла Исаевн цу герзах. ТIаккха полици иза дIакхачо Iалашо хилла цуьнан. Кхайкхина валийна шайн адвокат а волуш, Исаевга хеттарш деш хIоттийначу протокол тIехь яздина ду ишта, боху адвокато Усмановс.

"Ас шеца къамел дечу заманчохь, шен дахарехь цкъа а герз лелийна вац ша аьлла Исаевс, цара шена тесна ду и боху цо",- аьлла адвокато, ша Iалашвечу Исаевн дийцарна тIе а тевжаш.

Иштта Исаевс дийцарца, ток еттийтина цунна, шайгарчу кехаташна куьйгаш яздайтархьама. Юьхь тIехь а, куьйгаш тIехь а ницкъбина таммагIаш дацара Исаевн, амма кхелан-медицинан экспертиза шена яйтар деха дагахь ву иза.

Кху беттан 20-чохь баттана Исаев лаьцна вуьтуш сацамбина кхело. "Кавказ.Реалии" портало ма яздарра, Исаев лачкъош гинчара дийцинера, полисхоша сацийра иза, цул тIаьхьа туьтмIаьжгаш йоьхначу наха тIе а баьхкина, дIавигира аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG