ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодарехь герз диттина 4 стаг лаьцна полицино. Царна юкъахь бу нохчий


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Краснодарехь кхаарин буса герз деттаран бахьана дахаран хьелашца доьзна дар-дацар эккхар дара, хаам бина шен сайта Iехь цу гIалин мэрино.

Кхаарин буса, Марсхьокху-беттан 20-хь, Краснодарерчу цхьана урамехь вовше герзаш диттина шина тобано. Верриг цу хиламехь дакъалаьцнарг маса стаг ву цкъачунна дуьйцуш дац низамаш лардон органаша. Толлуш ду бехктакхаман гIуллакх.

ТАСС агенталло бинчу хаамца, лаьцна ву 4 стаг – Дагестанан а, Нохчийчоьнан а бахархой.

Мэрино бакъдина герзаш деттарехь вийна хилар Дагестанера схьаваьлла 27 шо долу стаг. Краснодаран махкахь волчу Дагестанан векало Нурудинов Мохьмада билгалдаккхарехь, социалан машанашкахь къаьмнашна юкъахь дов даьлла, бохуш дIахьедарш дар бух боцуш ду.

Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, Краснодарехь кхаарин буса хилла инцидент толлуш, полисхоша лоьхуш ю зуламхойн хила мега машен. Талламхой шеко йолуш бу герз диттинарш цу тIехь дIабахана хила мега аьлла. Болчу хамца, лоьхург ю Нохчийчуьра номерш йолу "Лада Приора".

Талламан комитетан Краснадаран махкарчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, шина тобанан дов даьлча цхьана стага, хьежа а ца деш, герз диттина. Шозза герз кхетта 27 шо долу жима стаг велла дарбанан хIусамехь.

Верриг чов хилларг маса стаг ву къастош бу полисхой. Иштта къастош ду цу девнехь дакъалаьцна нах муьлуш бу а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG