ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилба ХIирийчуьра аравоккхуш ву 6 нохчо


Къибера ХIирийчоьнан дозанехь
Къибера ХIирийчоьнан дозанехь

Йозуш йоцу пачхьалкх хилар дIакхайкхийначу Къилба ХIирийчоьнан милицин белхахоша лаьцна Нохчийчуьра 6 вахархо, дуьйцу "Кавказ.Реалиино". Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, низамаш лардечу органийн белхахойн тидам тIебахийтина хилла цара шайн леларца.

Бинчу хаамца, кехаташ толлучу хенахь нохчаша дуьхьало йина милцошна. Уьш лецна. Хьажам беш царах шингахь карийна "снюс" олу тонка а, "насвай" олу эдина тонка а.

Къилба ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбан секретаро бинчу хаамца, нохчашна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна, Iедалан векалшна ницкъ барна. Гергарчу хенахь кхело луьстур ду уьш Оьрсийчу дIахьажорах лаьцна хаттар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG