ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу "Коьртачу канале" балха эцна Путин сийсазвина Габуния


"Рустави-2" каналехь "Post Scriptum" программа дIахьош хилла Габуния Георгий
"Рустави-2" каналехь "Post Scriptum" программа дIахьош хилла Габуния Георгий

Гуьржийчуьрчу "Рустави-2" оппозицин телеканалан инарлин директор хиллачу Гварамия Никас дIахьедар дина, керла телекомпани кхолларх лаьцна. Цуьнан цIе ю "Коьрта канал". Гварамия балхара дIаваьккхира хьалха хиллачу долахочунна бизнесхочунна Халваши Кибаруна канал юхадерзийначул тIаьхьа.

Керлачу телеканале уггар хьалха Гварамияс балха эцнарг ву "Рустави-2" каналехь "Post Scriptum" программа дIахьош хилла Габуния Георгий. Иза вевзаш ву эфирехь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир сийсазвеш къамел дина хиларца.

Габуния а, ткъа иштта "Рустави-2" телеканалан хаамийн программийн куьйгалхо Меладзе Нодар а балхара дIаваьккхира цу каналера шинарин дийнахь. Цунна шаьш дуьхьал хилар хоуьйтуш телекомпани йитира берриг аьлча санна хаамийн-политикан а, юкъараллин а программашкахь болх бечу журналисташа.

Карарчу хенахь, 25 шарахь дуьххьара "Рустави-2" каналехь арайовлуш яц керланийн программаш, шайна юкъахь "Геланча" цIе йолу коьрта хаамийн прграмма а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG