ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мина иккхина Оьрсийчоьнан десантхо вийна Нохчийчохь


Нохчийчохь мини тIехь иккхина Оьрсийчоьнан 22 шо долу эскархо. Иза ву Псковерчу 76 гвардин десантхойн дивизехь контрактаца гIуллакх деш хилла Безельт Михаил, хаам бо «URA.RU» зорбанан гIирсо.

Болчу хаамца, иза командировке хьажийна хилла Нохчийчу. Кху беттан 21-хь, когашна кIеллахь мина а иккхина, гайх гериг кхетта хилла эскархочунна. Безельтан зудчо дийцарехь, цул тIаьхьа иза ваьхна кхин а 40 минотехь. Цо бинчу хаамца, десантхо дIакхачийна хилла хIоспитале, делахь а иза велла лоьраш гIо дан кхиале.

Безельта зуда ялийна хилла цхьа бутт хьалха. Контрактаца арме вахале хьалха цо чекхяьккхина хилла Уралан экономикан колледж.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG