ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилба ХIирийчохь лецначех 5 нохчо маьршаваьккхина


Цхинвали. Гайтаман сурт
Цхинвали. Гайтаман сурт

Къилба ХIирийчохь милцоша лаьцначу 6 нохчочух 5 маьршаваьккхина Iедалша. Цунах лаьцна хаам бина, Маршо Радиога Цхинвлерчу хьастано.

Болчу хаамца, 6-на 15 де-буьйса хан тоьхна кхело талламан изоляторехь яккха

Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, ша йозуш йоцу пачхьалкх хилар дIакхайкхийначу Къилба ХIирийчоьнан милицин белхахоша кхо де хьалха лаьцнера Нохчийчуьра 6 вахархо, Цуьнах лаьцна хаам бинера цу республикерчу "Кавказ.Реалиин" корреспонденто.

Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, низамаш лардечу органийн белхахойн тидам тIебахана хилла царна церан лелар бахьана долуш. И бохург хIун ду дика кхеташ дац.

Нохчаша чIагIдо, шайга кехаташ хаьттина нах милцойн духах доьхна бацара бохуш. Гарехь, цу бахьаница дар-дацар а иккхина. Эххар нохчий лецна, милцошна еттарна.

Къилба ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбан секретаро бинчу хаамца, нохчашна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийнера, Iедалан векалшна ницкъ барна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG