ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодарехь герз деттаран декъашхой лецна Сочехь


Краснодар. Гайтаман сурт
Краснодар. Гайтаман сурт

Сочехь еарин дийнахь лецна кху беттан 20-хь Краснодар гIалан юккъехь герзаш деттарна лоьхучу нахах 5 стаг. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо".

Болчу хаамца, 23 шо долу Дагестанан вахархо а вуьш, хиллачу инцидентехь дакъалацарна лехамашка велла хилла вежарий ТурашовгIара 28 шо долу Руслан а, 25 шо долу Мурад а, кхин а маситта стаг.

Еарин дийнахь царах 5 лаьцна Сочехь Адлеран кIоштахь. "Интерфаксо" билгалдоккху цара дуьхьало йина ца хилар низамаш лардон органашна. Болчу хаамца, царах цхьаъ ву Нохчийчоьнан вахархо.

Маршо Радион хьастана дийцарехь, Краснодарехь хьалха дар-дацар хиларна машар бан цхьаьнакхета барт бина хилла Дагестанера а, Нохчийчуьра а кегийрчу наха. Верриг хилла 30-х стаг. Амма цхьаъ галдаьлла вовше герзаш диттина цара, масатоьпаш а етташ. Къуьйсург хIун ду билггал хууш дац.

Краснодаран Iедалан векалш дIахьедарш до, хилларг къаьмнашна юкъахь дов далар дац бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG