ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь даккхийчерах маьждиг схьаделларца Путина декъалбина Нохчийчьура бахархой

FINLAND -- Finnish President of the Republic Sauli Niinisto, right, and Russian President Vladimir Putin walk during their meeting at the President's official residence Mantyniemi in Helsinki, August 21, 2019

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира декъалбина Нохчийчуьра бахархой Европехь даккхийчерех маьждиг Шелахь схьаделларца. Декъалбаран текст тIехь йолу телеграмма дIаешна маьждиг схьадоьллуш хиллачу церемонехь Къилбаседа Кавказан федералан гонехь волчу президентан векло Матовников Александара, хаам бо РИА Новости агенталло.

"Цу маьждиго гIо дийр хиларх тешна ву со адамаш, къаьсттина кегийрхой, дайн а, дедайн а историна а, динан ламасташна а юкъадалорна а, вайн юкъараллехь машар а, барт а чIагIбарна а" – аьлла ду Путинан декъалбарехь.

Шелахь динчу "Бусалбанан дозалла" маьждигана чутарвала аьтто бу 30 эзар ламазе веана стаг. Цул сов, ламаз дан веана 70 эзар гергга стаг дIахIотталур ву гонахарчу майданашкахь. Шелара маьждиг дина кIайн шагатӀулг буьллуш, дашоца кечдеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG