Дагестанехь кхоьллина "Дуьненаюкъарчу банданийн вовшахкхетараллаш йохийна 20 шо кхачар" ("20 лет разгрома международных бандформирований") гIовгIане цIе йолу мидал.
Цу хьокъехь омра дина меттигерчу куьйгалхочо Васильев Владимира. И документ арахецна республикан куьйгалхочун сайта тIехь, яздо "Кавказ.Реалиино".
Цу кехатца а догIуш, мидал лур ю Iедалша омра делла леллачу Дагестанерчу "самооборона" олучу тобанийн декъашхошна а, эскархошна а, ницкъаллин структурийн белхахошна а, меттигерчу Iедалан векалшна а, лоьрашна а, ткъа иштта, 1999-чу шарахь Марсхьокху а, Гезгмашин а шина баттахь "озабезам ца беш контртерроран операци дIаяхьарх лаьцна дийцина болчу" журналисташна а.
Официалан версица, Марсхьокху-беттан 1999-чу шарахь 7-чу дийнахь Басаев Шемила а, Хаттаба а куьйгалла дон тобанаш тIелетира Дагестанна. Цул тIаьхьа дукха хан ялале болабелира Нохчийчохь 2-гIа тIом.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIагIдо, ма дарра дийцича, Дагестанехь гIаттам айинарш бара меттигера экстремисташ, ткъа Нохчийчуьра бахархой цхьа а юкъаметтиг йолуш бацара луларчу республикехь хуьлучуьнца бохуш.