ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIе яьлла зуда а, цуьнан йоI а кхелхина Дагестанехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Бохам хилла кху беттан 22-хь Дагестанан Цунтин кIоштарчу Хупри эвлахь. Цигахь хIусамех цIе яьлла кхелхина зуда а, цуьнан 15 шо долу йоI а. Меттигерчу орцаллан министраллан векалша бинчу хаамца, даьгнарг ду 2 цIа.

ЦIе яларан бахьана хууш дац. Меттигерчу бахархоша дийцарехь, хIусамаш яяьгна, юхаметтахIотталур йоцуш. Дийцарехь, бохам хиларан бахьана хила мега, тоькан серий тиша хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG