Францехь цIеххьана велла Нохчийчоьнан хьакъдолу артист Чекуев Рустам, хаам бо "Кавказ.Реалиин" корреспонденто. Гергарчара дийцарехь, хIара ду аьлла кхин гуш хилла хIума а доцуш, йишлакхархо велла набкхетта волуш.
Чекуев дуьненчуваьллера 1984 шарахь ГIадужу-беттан 9-хь Нохч-ГIалгIайчохь Обарг-юьртахь (станица Троицкая). Цо чекхьяьккхинера Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан исбаьхьаллийн факультет.
Йишлакхархочун карьера йолийра цо 2009-чу шарахь. Цу хеначохь араелира Чекуевн "Суна деза" а, "Кавказан турпалохо" а цIерш йолу 2 альбом. Нохчийчоьнан хьакъдолу артист цIе елира цунна 7 шо хьалха.
Масех шо хьалха Франце дIаваханчул тIаьхьа артист вехаш вара Страсбургехь. Цуьнан дисина зуда а, жима кIант а.