ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чергазойн жигархо Кочесоко Мартин мукъаваьккхина цIахь лаьцна латторах


Жигурхочун Кочесоко Мартинна (аьтту агIорхьара) гIортор йина гергарчара а, доттагIаша а, белхан накъосташа а.

ГIебартойн-Балкхаройчоьнан Лаккхарчу кхело юхабаьккхина "Хабзэ" олучу юкъараллан куьйгалхо Кочесоко Мартин шен цIахь лаьцна латто бина сацам. Цунна бехке дуьллуш ду наркотикаш латтор.

Мангалан-бутт чекхболуш юкъараллин жигархочун кхел йинера лаьцна шен хIусамехь латто. Кочесокос дийцарехь, полисхоша, кисина наркотикаш а тесна, ницкъ а бина, мукъарло дайтинера цуьнга ша бехке хиларна.

Жигархочун дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна вуно боккхачу барамехь шен хIусамехь наркотикаш латторна. Оцу статьяхула цунна тоха мегаш ду колонехь даккха 10 шо.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG