ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мунаев Iийсан кIантана Украинин махкалла делла президенто Зеленскийс


Зеленский Владимир
Зеленский Владимир

Украинин президенто Зеленский Владимира шайн пачхьалкхан махкалла делла Донбассехь мехкан ницкъийн могIаршкахь тIом бинчу 11 кхечу пачхьалкхарчу вахархочунна. Президентан омрехь билгалдоккхуш ду, украинахойн паспорташ деллачу наха "пачхьалкхан суверенитет а, мехкан цхьаалла а ларйеш Украинин малхбалехь шаьш дакъалаьцна" хилар.

Мунаев Iийса ( аьтту агIорхьара шолгIа) Донбассехь, Украина, 2014 шо.
Мунаев Iийса ( аьтту агIорхьара шолгIа) Донбассехь, Украина, 2014 шо.

Украинин махкалла деллачу нахана юкъахь ву – Мунаев Тимерхан, дуьненаюкъарчу машарбаран батальонан командиран кIант. Цуьнан да – Мунаев Iийса – кхелхира 2015-чу шарахь Чиллан-баттахь Дебальцево гIалана гергахь хиллачу тIамехь.

"Украинская правда" газетан редакцино хаттар дина президентан Офисе, массера а цIераш юьйцуш ца хиларан бахьана хIун ду аьлла. Деллачу жоьпехь хаам бина, низамашца а догIуш, цу нахах лаьцна болу хаамаш баржор дихкина ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG