ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн хилла тIемало вийна Германехь герз тоьхна


Берлин, полици. Гайтаман сурт

Германин коьртачу гIалахь Берлинехь Маобит кIоштахь вилиспетан тIехь хиллачу мила ву ца хуучу стага герз тоьхна вийна Нохчийчуьрчу мухIажарна. Цул тIаьхьа зуламхо къайлаваьлла, хаам бо Deutsche Welle.

Берлинан полицино стаг верах лаьцна хаам бина шен Twitter=хь.

"Цкъачунна болчу хаамашца, 12 сахьт долуш Маобит кIоштахь мила ву ца хуучу вилиспетахь хиллачу стага герз тоьхна вийна цхьа стаг. Карарчу хенахь тхан накъостий бу бохам хиллачехь. Кхин болу хаамаш кхочур бу кестта", - аьлла ду полицин хаамехь.

"Вайфонд" бакъонашларъярхойн юкъаралло бинчу хаамца, вийнарг ву Нохчийчохь тIамехь дакъалаьцна хилла нохчийн дуьхьалонан боламан декъашхо Хангошвили Зелимхан. Иза хилла рузбан маьждиге ламазе воьдуш.

Хангошвили Зелим
Хангошвили Зелим

"Хангошвили кхелхина лоьраш тIекхачале, герз коьртах тоьхна хиларна", - яздо "Вайфондо".

XS
SM
MD
LG