ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хангошвили "исламист" вара бохург харцдо цуьнан накъосташа


Хангошвили Зелимхан
Хангошвили Зелимхан

Берлинехь вийначу Хангошвили Зелимханан накъосташа дийцина "Кавказ.Реалии" корреспонденте, Оьрсийчоьнан а, цхьаболчу Германин а зорбанан гIирсашкахь иза исламист а вара, немцойн пачхьалкхана кхераме а вара, бохуш яздийриг бакъ ца хиларх лаьцна.

"Зелимхан цхьа а юкъаметтигаш йолуш вацара "исламисташца". Ткъа Германин Iедалшна иза хаара. Оьрсийчоь гIиртира цунна исламист ву аьлла цIетилла, немцойн Iедалшка иза шайга схьавалийта", - дийцина Хангошвилин накъосто.

Хангошвили Зелимхан вевзаш волу нохчийн тIемало вара. Иза схьаваьллера Гуьржийчуьрчу ПIаьнгаза чIожера. 2015-чу шарахь Тбилисехь гIалин юккъехь машенахь схьавогIучу цунна вен дагахь 4-зза герз тоьхнера муьлш бу ца хуучу наха. Амма чевнаш хиллачу Хангошвилин аьтто белира уллерчу дарбанан цIийне дIакхача. Цигахь Iожаллах кIелхьарваьккхинера иза лоьраша.

Цул тIаьхьа Хангошвили дIавахара Гуьржийчуьра цкъа дуьххьара Украине, тIаккха Германе. Цигахь политикан тховкIело ехнера цо немцойн Iедалшка.

Нохчийн хилла тIемало гIарвелира 2012-чу шарахь Гуьржийчуьрчу Лопота чIожехь хилларг бахьана долуш. Цигахь Марсхьокху-бутт чекхболуш гуьржийн ницкъаллин структурийн белхахоша тIом бира нохчийн тIеман тобанца. Хангошвили юкъарло лелош вара шина агIонна. Цул тIаьхьа дукха хан ялале иза дуьненаюкъарчу лехаме велира Оьрсийчоьнан Iедалша.

Ша Хангошвилис цкъа а ца лечкъадора ша Нохчийчохь Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал тIом бина хилар. Тбилисехь ша вен гIоьртинарш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашкара нах бу аьлла хетара цунна.

Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, Хангошвили Зелимхан вийна ПIераскана дийнахь Берлинерчу Моабит кIоштахь. Рузбанан маьждиге воьдучу цунна коьртах тапча а тоьхна къайлаваьлла вилиспетахь хилла зуламхо. Иза лоьхуш ю немцойн полици.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG