ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ужаховна гIуда тохар низамца ца догIуш лерина ГIалгIайчоьнан Лаккхарчу кхело


ГIалгIайчоьнан Лаккхара кхел

ГIалгIайчоьнан Лаккхарчу кхело низамца богIуш боцуш лерина "Тайпанийн кхеташонан" куьйгалхочунна 2018-чу шарахь ГIадужу-баттахь митингаш хиллачул тIаьхьа Ужахов Малсагана 10 эзар сом гIуда тохар хьокъехь Магасан кхело бина сацам, хаам бо "Кавказскиий узел" сайто.

2018-чу шарахь Лахьанан-беттан 6-чохь Магасерчу кхело бехке лаьррера Ужахов административан зулам дарна, 10 эзар сом г1уда а тухуш, дийцина цуьнан адвокато Куриев Джабраила.

ДIабаханчу баттахь ГIагайчоьнан Лаккхарчу кхело юхабаьккхира Магасехь митингашкахь дакъалацарна суьдо Ужахов административан жоьпе озош бина сацам. Меттигерчу баккхийчу наха иза дуьйзира Евкуров Юнус-Бек республикан куьйгалхочуьнан даржера дIаваларца.

Дагадоуьйту, кхушара Зазадоккху-баттахь Магасехь дуьхьалонан акцеш хиллачул таIьхьа Ужахов бехке веш ву Iедалан векалшна ницкъ барна а, коммерцица йоьзна йоцу низамашца догIуш доцу хIуманаш лелон бахархой тIекIамбо вовшахтохаралла кхолларн а, цунна куьйгалла дарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG