ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ши адам лазийна некъахьовзамехь


Архивера сурт.

Бохам хилла Шелковски кIоштахь Каргалинскина гергахь де хьалха. 21 шо долу машенлерхо галваларна, некъах а яьлла, хаьрцина УАЗ-Патриот.

И бахьана долуш лазийна ша и жима стаг а, цуьнца машенахь хилла 27 шо долу зуда а. И шиъ сихонца дIакхачийна Шелковски кIоштан дарбанан цIийне. Машен вон йохийна.

Полици толлуш ю хилларг.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG