Кхарачойн-Чергазийчохь кIирандийнахь юхадолийна Нохчийчоьнан 25 шо долчу вахархочуьнан Молаев Шамилан дакъа лахар. Жима стаг вайна Марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь, хийистехь садаIа ваханчул тIаьхьа. Гарехь, иза хе ваьхьна.
"Регион-Онлайн" керланийн агенталло яздарехь, жимачу стеган луьйчуш пха озийначух тера ду.
Оццул шуьйра стаг лахаран а, кIелхьарваккхаран а операци тIаьхьарчу хенахь хилла яцара Кхарачой-Чергазийчохь бохуш, хаам бо зорбанан гIирсаша. И гIуллакх шайн тидамехь латтош ду меттигерчу Iедалша.
Карарчу хенахь орцаллин министраллан 20 сов белхахо толлуш ву ГIубан (Кубань) а, кхечу а хинийн хин тIие, ткъа иштта Усть-Джегутан хи IаIо меттиг а.
Хьалхо бинчу хаамашца, волонтёраш цу лехамашна юкъа ца озийна хIинца иза вуно кхераме хиларна.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?