ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIулгаш диттина Петарбухера ХIинжа-гIала йоьдучу цIерпоштана


Дагестан, цIерпошт. Гайтаман сурт

Петарбухера ХIинжа-гIала йоьдучу цIерпоштана тIулгаш диттина Нохчийчохь. Цунах лаьцна видео гучуяьлла социалан машанашкахь, хаам бо "Обзор" зорбан гIирсо.

И инцидент маца хилла хууш дац, амма хууш ду "Санкт-Петербург – Махачкала" цIерпошт лелаш хилар хIора шалза (нечётныйй) деношкахь, ткъа тIаьххьара цигара цIерпошт Дагестанан коьртачу гIала кхаьчна Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь, билгалдоккху "Обзоро".

Официалан структураша цхьа а комментарий ца йина аьчкан некъа тIехь хиллачу инцидентана.

Иза ларамаза хилла хила а мега, амма леррина питана таса дина хила а мега, шина республикан бахархоша Кадыров Рамзана имам Шемилах лаьцна аьлларг цхьатера тIе ца эцна хиларна, аьлла хета цунах лаьцна яздинчу "Обзор" зорбан гIирсана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG