ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа бакъдо Оьрсийчоь бахьанехь G7 къовсаме ялар


ТIедогIучу шарахь Нью-Йоркехь хинйолчу G7 саммите Оьрсийчоь кхайкха луучарний, цалуучарний юкъахь къовсам гIаттар бакъду, аьлла дуьнентIехь уггаре ехаш йолчу 7 пачхьалкхан куьйгалхой гулбеллачу Францерчу Биаррицехь дийцареден гIуллакхаш хьахош Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Трамп Доналда.

"Цхьаберш сан ойланца бу, вуьйш – бац", элира Трампа журналисташка. Ша иза тешна ву Оьрсийчоь саммите кхайкха еза бохучух. Оьрсийчоь юкъакхайкхар оьшуш а, пайде а гIулч ю, бохура Трампна. Цо хьалхо хаамбинера, президент Путин Владимир G7 саммите кхайкха там бу, аьлла.

Iамеркан Штатийн президента хаийтарца, Биаррицехь гулбеллачу пачхьалкхийн хьалханчаша ца бина Оьрсийчоьнах лаьцна сацам. "Оха ца даьккхира иза кхоже", жоп делла Трампа, шега, мила вара дуьхьал, мила вацара, аьлла, хаьттича.

2014-чу шарахь Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси йича яьккхира иза "Воккха бархI декъашхо" олучу пачхьалкхийн юкъаралонера. Францин президента Макрон Эммануэла, юха а меттиг бала мега Оьрсийчоьнна юкъарлонехь, элира деношкахь. Амма билгалдаьккхира, G8-ннан "догIа" Iуьллу Украинехь, аьлла.

Германи а ю Оьрсийчоь G7 саммите йита дуьхьал – Украинера конфликт ерзанза ю, ГIирма, хьалха а санна, оккупацехь ю, боху цо. Изза аьлла Канадин а, Британин а векалша. Шайна хетарг ца довзийтина цкъачунна Италин, Японин лидерша.

France Presse агенталлин хьасташа бахарехь, G7 лидерша бартбина Оьрсийчоьнца цхьаццадолчу юкъарлонаш жигара дIакхехьа, амма хьалхе ду аьлла хета царна "Воккха бархI декъашхо" формат меттахIотто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG