ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абхазин президентан харжамаш шолгIачу туре бевлла


Абхазехь президентан харжамаш бара кху мукъаденошкахь. Ца тоьлла цкъачунна цхьа а. ШолгIачу туре ваьлла цкъачунна президентан гIант шегахь кхобу Хаджимба Раул а, оппозицин "Амцахара" (Къоман кхерчаш) партин куьйгалхо Квициния Алхас а. Мехкан харжамийн Юкъарчу комиссин и хаам бовзийтина оршотдийнахь ТАСС агенталло.

"Хьалхарчу туран терахьаш оха цкъачунна хьахийна дац. Ши кандидат ву харжамийн шолгIачу декъехь къовсалур волуш - Хаджимба а, Квициния а. Дисинарг ас брифингехь хоуьйтур ду", - аьлла харжамийн комиисин куьйгалхочо Гогия Тамаза.

Хьалхо тергамчаша хаамбира, 26% кхаьжнаш бу Хаджимбехьа, 25-ппа процент бу тIеман министран хьехамчехьа Аршба Олегехьа а, оппозицин ледерехьа Квициниягахьа а, аьлла. Шен агIончашка Хаджимбас а бохура, "цкъачунна тхох цхьаъ хьалхаваьлла ала дац".

Абхазин низамаша ши кIира ло харжамийн шолгIа тур ерзо.

9 кандидат вара президентан харжамашкахь дакъалоцуш. Гогия Тамаза бахарца, 56%-тал совъоьккхуш нах бахана харжамашка.

35-65 шерашна юкъара хан хила тарло Абхазехь президент хоржучуьн. Иза хила веза парггIат шайн къоман мотт хууш волу абхазо. Цхьана стагна ца хеддаш президентан гIента харжавала ца мега шозза бен. Абхазин паспорт доцуш бакъо яц харжамашкахь дакъалаца.

Абхазера харжамаш лигитимехь ца лору Гуьржийчоьно, цара пачхьалкхан суверенитет талхайо, аьлла ду Гуьржийчоьнан президента Зурабишвили Саломес дина дIахьедар.

XS
SM
MD
LG