Шуьйтан прокуроран гIовс Хучиев Денис лаьцна Внуково аэропортехь девзаш доцу, наркотиках тера, кIайн хIур шеца а долуш, хаамбо "Московский Комсомолец" газетанна тIе а тевжаш, Оьрсийчуьрчу цхьамогIа хьасташа.
Лаьцнарг ваша ву Нохчийчоьнан премьер-министран Хучиев Муслиман.
"MKRU" шен хаамехь тIетевжа Baza цIе йолчу телеграм-канална. Аэропортехь магнитан гурах чекхволуш сацийна Хучиев, иза Несара ваха дагахь хилла, боху газето.
Цуьнгара чуьччабехкина телатан ши тIоьрмиг баьккхина, евзаш йоцу хIур-коьчал карийна авиацин кхерамзаллин хьукмато шех пайдаоьцучу Iамийначу жIаьлина, боху хаамехь.
Шегарчу тIоьрмигахь Нохчийчуьрчу онко-цамгар йолчу наханна хьош молха ду, аьлла Хучиевс, амма яха ца елла молханийн цIерш, яздо прессо.
Хаам баьржачу сахьтехь Талламан комитетан векалш тIекхачаре хьоьжуш Iа полисхой, церан бен яц прокуратуран белхахо лаца а, иза зен а, аьлла бу хаам.
Шуьйтан кIоштан прокуроран гIовс Хучиев Денис хIоттийна стохка бIаьста. Цул хьалха Соьлж-ГIалахь Талламан комитетехь талламча вара иза.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ