ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 8 дагестанхо вер Европан кхеле даккха бохку бакъоларъярхой


Бакъоларъярхойн "Дуьненаюкъара Агора" а, "Бакъонан инициатива" а юкъараллаша Европерчу адамийн бакъонийн кхеле арз хьажийна, дахар хадор а, гIелояр а дехкарх, кхелехула бакъо лаха йиш хиларх долу дуьненаюкъара низамаш талхийна Дагестанера 8 стаг вар толлуш, аьлла. Оцу хьокъехь хаам баржийна РБК-но.

Орзехь бакъоларъярхоша билгалдоккху талламо адвокатийн дехар кхочушдина цахилар. 2016-чу шеран гурахь кегийнах байча, талламо церан телефонаш сихха ца зейтина, видеотергамна хIиттийначу камерашкара тоьшаллаш шайна ца довзийтина, боху юристаша. Цул сов, ур-атталла бехктакхаман гIуллакх деша аьтто а ца бина адвокаташна талламчаша хьовха, кхело а.

2016-чу шеран ГIадужу-баттахь айдина Дагестанера 8 вахархо лачкъорах долу гIуллакх. Гиначара тоьшалла дарехь, лецна, кхаа декъе а бекъна, машенашкахь дIабигина и нах. ТIаьхьо церан декъий Нохчийчохь схьакарийна. Iедало бахарехь, машенашкахь хиллачу кегийрхоша герзаш диттина полицина тIе, оцу тасадалехь байина уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG