ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра мехкдаьттан бахам денбан йоллу Самарера компани


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан долара мехкдаьттан маьIданаш пайдене ерзор тешор ду Самарерчу "Мехкдаьттан сервисан компанина", хаамбо Neftegaz.ru портало.

Цхьаьнакхетар хилла оцу хьокъехь компанин директоран Ендемиров Алексейн Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин буьйранчица Таймасханов Галасца.

Мехкдаьттадоккху гIирс тобар шена тIеэцна компанино.

Нохчийчуьрчу маьIданийн майданех 2 эзар гергга ю республикан долахь - 7740 гектар лаьтта тIехь 1100 хьоста. Царех дукхахъерш болхбеш йоцу ю дукха зама.

Нохчийчуьрчу мехкдаьттан урхаллин долахь ю 2 сурсаташ кечден меттиг а, гIирс меттахIоттош йолу пхьалгIа а, 4 мехкдаьттан база а, 500 чаккхарма биргIанаш а. Амма и берриг а бахам вуно тиша бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG