2020 шарахь дуьйна электронан кепехь лелар ду Оьрсийчуьрчу вахархочун къинхьегаман тептар (трудовая книжка). Цунах лаьцна хаамбина Оьрсийчоьнан Пенсийн фондан куьйгалхочун гIовсо Чирков Сергейс. Цо бахарехь, кечамаш бина, проблемаш йоцуш, юкъаер ю керла кеп.
ТIедогIучу шарахь белхан меттигийн дайша онлайнехь дIаяла йолор ю информаци Пенсийн фонде, ткъа кхин а шо даьлча хир дац лелаш кехатах долу къинхьегамхочун тептар, Ткъа иштанаш дуьсийла луучу наха дехар дан деза белхан куьйгалхошка хьалххе, боху ТАСС агенталло.
Оьрсийчоь кийча ю оццу хьесапе бахархойн паспорташ дерзон а. Керлачу кепехь хир ду уьш, шайца чипаш а йолуш. Оцо паспортан дех лаьцна хIинцачул шозза дукха информаци чуоьцур ю шена, боху Iедалхоша.