ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнера 16 миллион сом схьаэцна, ткъа гIирс кхечунхьа дIабоьхкина


2016-чу шарахь Нохчийчуьрчу онкологин центро радиацица болхбен дарбан гIирс оьцуш контракт хIоттийна хилла Оьрсийчоьнан цхьана регионерчу фирмица 16,5 миллион соьманна.

Бина барт кхочушбеш, эцархочо и ахча дIа а хьажийна гIирс бухкучу фирме. Амма дIахьийсинчохь дисина миллионаш. Онкоцентрна бина тешнабехк Iора а баьккхина, Нохчийчуьрчу прокуратуро фирмина дуьхьал дов айдайта Талламан комитете хьовсийна документаш - кхечу метте дIайбоьхкина хилла Нохчийчоьно эцна баьлла гIирс.

Ша шен сайтехь цIе йоккхуш йоцчу регионан могашаллин министрна а довзийтина хилларг Нохчийчоьнан прокуратуро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG