ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

УФСБ куьйгалхочун гIоьнча даржах ваьлла Голуновн гIуллакх бахьанехь


Голунов дIахецийта Москох вовшахтоьхначу митингехь

Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисан Москох а, Москох кIоштан а урхаллан куьйгалхочун гIоьнчо Медоев Марата дарж дитина жарналист Галунов Иван лаьцна юха дIахецначул тIаьхьа дукха хан ялале, яздо "Iамеркан аз" портало. Цунах лаьцна хаам бина РБК-но, низамаш лардечу органашкара хьастана тIе а тевжаш. "Марат дIаваьккхина балхара цхьа бутт гергга хьалха", аьлла РБК-ца къамел динчу ФСБ-н белхахойх цхьаммо.

Медоев Марат, ФСБ-н инарла-майоран Медоев Игоран кIант вую Иза вара Голуновс Москох белларш дIабухкучу рынках лаьцна бинчу талламехь хьехош. Бехктакхаман гIуллакх а кхоьллина, ша хьийзор ша цунна тIехь болх барца дузу журналисто.

Голуновс бинчу талламехь дуьйцуш дара Медоевна а, цуьнан хьаькамна федералан кхерамазаллин сервисан Москох а, Москох кIоштан а урхаллан куьйгалхочун Дорофеев Алексейна а юххерчу наха Iуналла деш хилар Москох белларш дIабохкарца йоьзначу рынкана.

ББС-но, шен хьастанашна тIе а тевжаш, хаам бо Медоев ФСБ-н цIарх "Газпроман" кхерамазаллин сервисе дехьаваьккхина хиларх лаьцна. Цу компанехь бакъ а ца дина, амма харц а ца до иза.

Хьалхо Baza зорбанан гIирсо, низамаш лардон оарганашкара шен хьастанашна тIе а тевжаш, хаам бира полицино кхоьллинера журналистана Голуновна дуьхьал харц бехктакхаман гIуллкх, ФСБ-хь лаккхарчу даржехь волчу белхахочун дехарца аьлла.

37 шо долу Медоев Марат кIант ву хиллачу Оьрсийчоьнан тIеман министран Сердюков Анатолийн гIоьнча хиллачу Оьрсийчоьнан Турпалхо цIе тиллина волчу инарла-майоран Медоев Игоран.

Хьалхо коррупцица къийсам латторан Фондана гучудаьллера Медоевн Игоран 200 милллион гергга сом мах болу 200 еакIон метр майда йолу петар хилар Москох юккъехь.

2011-чу шарахь, тIеман министран хьехамча а волуш, Медоев Игорь ваха хиира Словакехь. Цо цIа ийцира цигахь хьал долу словакаш, шайна юкъахь цу мехкан президент хилла Гашпарович Иван а волуш, бехачу Лимбах олучу меттигехь.

"Медузан" леррина корреспондент Голунов Иван лецира полицин белхахоша кхушара Мангалан-беттан 6-чу дийнахь. Иза бехкевинера наркотикаш яржорна.

Голуновс дIахьедар дира наркотикаш шена тесна хиларх лаьцна. Голунов дIахецийтар Iалашонца юкъараллин жигара кампани бахьана долуш чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIакъевлира журналистана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх.

Низамаш а дохош, Голунов лоцуш дакъалаьцначу полисхошна дуьхьал таллам болийна Талламан комитето. Маситта стаг балхара дIаваьккхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG