Страсбургерчу Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело кхо сацам тIеэцна Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманахь байначу нехан хьокъехь.
"Бакъонийн инициатива" проектерчу адвокатийн гIоьнца бахархоша чуделла пхи дов ду листинарг: МальцаговгIеран, Юнусован, Евлоева Лидин, Томова Розин, Мурдалован, Эльмурзаеван, Мецоеван гергарнаш хIаллакбарна Оьрсийчоьне йолу претензеш.
Байначех стагга а вац Оьрсийчоьно тоамехь лехна, берзийна бац болийна хилла талламаш. 2000-2005-чу шерашкахь лечкъийна нах бу Страсбургехь хьехийнарш.
Эвтарара Мальцагов Мухьади лаьцна 2000 шеран бIаьста шина микроавтобусца, УАЗ-ца, еа БРТ-ца баьхкинчу эскархоша. Цул тIаьхьа иза гина вац нахана. Вигина 7 бутт баьлча бен ца диллина Шелан кIоштан прокуратуро бехктакхаман гIуллакх. Амма иза а ца даьккхина чекх.
Абдулкеримов Ахьмад а, Абдулкеримов Абу-ШахIид а вигина 2002 шеран Iаьн юьххьехь Веданара, шайн хIусамера. Церан лар а яц кхин хууш. КIоштан кхело бехктакхам гIаттийна бутт баьлча. Таллам битина берзонза.
Евлоев Расухан а, Измайлов ИбрахIим а сацийна хилла эскархоша Кантышеворчу "Волга-14" блок-постехь, машена чуьра а биссийна, дIабигина. КхидIа царех хилларг хууш дац.
Европан кхело Оьрсийчоь юьззина бехкейина 21 стаг доьза вайарна а, уьш лоху болх ма-оьшшу ца барна а. Кхелехь тоьллачу наханна Оьрсийчоьно охьадуьллур ду шена тIедожийна ахча – 2 миллион евро.