ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен зудчун йоI йиттина йийна Краснодар мехкан вахархочо


Краснодар-мехкан Курганинск кIоштарчу Темиргоевки станицера 35 шо долу вахархо лаца кхайкхийна полицино. Шен зудчун йоIана, иза лечу кхаччалц йиттина цо, хаамбо "Блокнот-Краснодар" портало.

Талламо бахарехь, кху беттан 24-чу дийнахь, "хьекъал луш", чIоггIа йиттина цо 4 шо долчу беранна. Цул тIаьхьа кхо де даьлча, йоI кхетам чуьра яьлла, ткъа баьхкинчу лоьрашка, иза лами тIера охьакхетта, аьлла хIусамдас.

ДарбанцIийне юьгучу новкъахь дIаяьлла йоI. Лоьраша бахарехь, чоьже еттарна делла бер. Иза доцург, кхин чевнаш а карийна цуьнан дегIа тIехь.

ЙоьIан нанас дийцина полицига хилларг – дас кест-кеста етташ хилла шен зудчун беранна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG