ГIалгIайчуьра ГуцериевгIар Оьрсийчохь уггаре бехаш доьзал бу, и хьалхе цо шегахь латтайо кху тIаьххьарчу деа шера чохь, яздо "Регион онлайн" портало.
Forbes рейтинго гайтарехь, Оьрсийчуьрчу уггаре бехаш болчу оцу хьолахойн доьзалехь долу хьал кхочу 5,65 миллиард долларе. Бакъду, стохка кхин а алсам дара ГуцериевгIеран ахча – 6 миллиард долларе кхоччуш.
Пачхьалкхехь массарел бехаш болчу итт доьзалан могIарахь иссалгIа бу нохчий БажаевгIар. Бажаев Мусан а, цуьнан гергарчийн а долахь ю 1,5 миллиард долларна капитал.