ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мила ву "Кавказна тIехь олалла" даржийнарг?


1992-чу шарахь, бIеннаш нах а леш, хIирашна а, гIалгIашна а юкъайоьлла конфликт компьютеран ловзаре ерзийна стаг лоьху ГIалгIайчоьнан Iедало.

"Кавказна тIехь олалла" цIе а йолуш, даьржаш лаьтта ловзар зуламе ду, ГIалгIайчоьнан арахьарчу зIенийн, къоман политикан, зорбан министраллина хетарехь. Цо прокуратуре а, полицига а дехна RPG-ловзар кхоьллинарг бехктакхаме озор.

Ловзаран авторо хьалхо интернетехь хаам баржийра, ша кхоьллинчу ловзаран рогIера дакъа хир ду "Карца юьрта уллехь йина кIело" цIе йолуш, юкъадохур ду ша, бохура цо, "кхо тайпа эскар: гIалгIайн тIемалой, хIирийн тIемалой, ХIирийчоьнан республикан гварди".

Оцу компьютеран ловзаро къаьмнашна юкъа цим туьйсу, иза сихха дIалакъо деза, тешна ду гIалгIайн Iедал.

Цкъачунна схьакаронза ву видео-ловзар кхоьллинарг (кхоьллинарш), хууш дац мила ву иза, хIири я гIалгIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG