ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исламан пачхьалкхан "дера тIемало": мила ву аль-БагIдадин коьрта къийсархо?


Аль-БагIдади а, Кардаш а
Аль-БагIдади а, Кардаш а

"Исламан пачхьалкх" вовшахтохараллан хьалханчан аль-БагIдади Абу-Бакран дезна шен меттана хир волу стаг билгалваккха. Иза ву Иракъера туркоман Кардаш АбдаллахI, хаам бира "Исламан пачхьалкхо" Iуналла дечу Iаьрбийн зорбанан гIирсаша.

"Аль-Арабия" телеканалан эксперто шен агIор хийцам бира цу хаамна, Кардаш официалан кепара тIаьхьалонча вац, Иракъехь буьйранча ву аьлла. Дийцарехь, Кардашан керлачу дарже хIоттале гамо хилла аль-БагIдадица, ткъа цо иза даржехь лакхаваьккхина "цунна там бан".

Дуй иза "халиф" валарчу вирзина бохург? Стенца вевзаш ву Кардаш?

"Аль-БагIдадин цхьайолу дегIан меженаш сецна ю"

"Аль-БагIдади Абу-Бакр" цIарца вевза 48 шо долу ас-Самарраи ИбраьхIим карарчу хенахь дегI лелаш вац. Цунах лаьцна Товбецан-бутт чекхболуш хаам бира Иракъан Iедалан талламан сервисо. Цуьнан когаш а, куьйгаш а лелачуьра сецна цунна букъсуртана йоккхачу тоьпан хIоъан гериг кхеттачул тIаьхьа. Иза хилира 2018-чу шарахь Шемахь Дейр-эз-Зор провинцин къилба-малхбале маьршайоккхуш Иракъан эскарша операци дIахьош. Оцу хенахь аль-БагIдади шен накъосташца лечкъина вара Иракъан дозанца йолчу Хаджин гIалахь.

ДуьнентIехь уггар кхераме экстремист Хаджинехь хиларх лаьцна хаамаш бора Иракъан эскаран буьйранчалло. Цига бомбанаш а туьйхира, лерринчу ницкъийн тоба а хьажийра. Амма ас-Самарраи лаца ца велира, цунна чов бен ца йира.

Хууш дац мел бакъдолуш хила мега аль-БагIдади дегIан меженаш сецна ву боху хаамаш. 2019-чу шарахь Оханан-баттахь интернетехь яржийначу видео тIехь аль-БагIдади паргIат куьйгаш лелаш а, кехаташ дехьа-сехьа дохкуш а, Дела цхьаъ хилар (таухид) гойтуш ву аьрру куьйган хьажо пIелг гойтуш а ву.

Амма иза 2014-чу шарахь яьккхинчу видео тIехь санна волавелла лелаш а, шен агIончашна хьалха лаьтташ а вац. Къамел деш вистхуьлуш иза хиина Iаш ву цIенкъахь. Хьалха хиллачу видеоца юьстича керлчун тIехь гуш ду цуьнан чIуран бос хийцабалар: изза цIечу басахь юьхь ю, амма куьйгаш цхьа тамашена кIайн ду.

Аль-БагIдади 2014-чу а, 2019 -чу а шерашкахь
Аль-БагIдади 2014-чу а, 2019 -чу а шерашкахь

Иракъан лерринчу сервисаша дийцарехь, карарчу хенахь аль-БагIдади Шемахь ву. Экстремистийн баьччан коьрта Iалашо ю шайн вовшахтохараллан могIарш бекъа ца балийтар а, ткъа иштта шпионашна дуьхьал латтар а. Аль-БагIдади лаккхарчу даржашка нах хIиттош ву тIаьхьарчу хенахь тIемашкахь кхелхинчу шен юххерчу накъостийн метта. Цу тайпачу меттигхийцарна юкъавахана Кардаш а.

"Исламан пачхьалкхан уггар дера командираш Iамийна ву"

Кардаш АбдуллахI а, аль-БагIдади санна олуш йолу цIе ю ("Кардаш" - "ваша" бохург ду тюркийн меттанашкахь). Амма цуьнан бакъйолу цIе ю аль-Мауля Мухьаммад Саид Амир. Иза БагIададел а 5 шо жима ву -- вина 1976 шарахь.

Карарчу хенахь волу "Исламан пачхьалкхан" лидер санна, Кардаш а вина Иракъехь. Иза дуьненчуваьлла Талль-Афар олучу коьртачу декъана туркоманаш бехачу гIалахь. Кардаша дешна Мосулехь. Исламан Iилманан бакалавр ву иза. Цундела олу цунах "Устаз" (Iаьрбийн маттахь "хьехархо").

2000-гIа шераш дуьйлалуш "Ал-Каидица" зIе хилла аьлла набахте хьажийнера Кардаш. Цигахь вевзира цунна "Исламан пачхьалкхан" лидер. Кардаш вевзачу наха вуьйцу иза "дера тIемало а, радикал а, динан фанатик а" санна. Цуьнан амал ю лидерна оьшуш йолу. Иза ду хаза къамел дан хаар. Цунна иза Iаьмма Мосулерчу цхьана маьждигехь хьехамаш беш хиллачу шен дех.

Кардаш схьалаца аьтто бинчунна 5 миллион доллар дала реза ю Iамерка. Пачхьалкхан департаментан сайта тIехь аьлла ду, Аль-Мауля (АбдуллахI Хьаьжа) "Исламан пачхьалкхан" коьртачу идеологех цхьаъ хиларх лаьцна.

Iамеркан Пачхьалкхан департаменто иза ву боху аль-БагIдадин метта хир верг.

ТIеман тобанашкахула эксперт волчу Абу-Рагыф Фадылна тIе а тевжаш, "Аль-Арабия" телеканало хаам бо Кардашна Iаткъам бинарг Талль-Афара школехь цунна делла хаарш ду бохуш. Цигахь доьшуш хилла бу уггар дера "Исламан пачхьалкхан" тIеман командираш.

Цуьнца цхьаьна эксперто чIагIдо, Британерчу Times газето хьалхо яздина ма хиллара, Кардаш хилла вац Иракъан президент хиллачу Саддам Хьусайнан эскаран эпсар. Кардашан ву Мухьаммад СаьIид цIе йолу кIант а, ткъа иштта Туркойчохь веха Адиль Мухаммад Саид цIе йолу ваша а.

Кардашан а, аль-БагIдадин а гамо

"Аль-Арабия" телеканалан эксперто дийцарехь, аль-БагIдадис шена герга озийна Кардаш "Исламан пачхьалкх" эша йолаллачул тIаьхьа: авторитет йовш волчу лидерна оьшуш вара шен агIончаш цхьаьнатоха хьуьнар долу стаг.

Амма дукха хан ялале цу шинна юкъахь гамо иккхира, ткъа аль-БагIдадис сацам бира шен гIоьнча даржехь лакхаваккха "цунна там бан". Устазан керла дарж "Исламан пачхьалкхан" хир волу лидер аьлла дац. Аль-БагIдадис цунна тIедожийна Иракъерчу секторна урхалла дар (шайн Iуналлера евллачу территорешкахь тIемалой бу "урамийн тIемаш" дIахьош). Кардашан жоьпаллехь арми а, дешар а ду, юртабахам а бу.

Эксперто Абу-Рагыфа чIагIдарехь, Кардаш чIагIваларна дуьхьал бу "Исламан пачхьалкхан" кхечу пачхьалкхашкара тIемалой. Бахьана ду иза меттигера хилар а, цуьнан шен тIеозийна Талль-Афарера, кIизаллица а, Устазана тешаме хиларца а бевзаш болу нах хилар а.

Иракъан къоман кхерамазаллин аппаратехь тешна бу Кардаш даржехь хьалаваларо кхерам бохьуш хиларх, къаьсттина маьрша бахархошна ницкъ барца а, шайн лаамехь тIемаш битина марша дахар хаьржинчу "Исламан пачхьалкхан" хиллачу тIемалошна бекхаам барца а боьзна.

Цул сов, Марсхьокху-беттан 8-чохь Кардаш хьокъехь Иракъан тIеман ницкъийн буьйранчаша бинчу хаамца, БагIдадехь саготта бу радикалаша пачхьалкхан гIора дайарна а, шиIаташна а, суннаташна а юкъахь мостагIалла карзахдаккхарна а тIехьажийна тIелетарш доло мега аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG