ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардина совгIаташ дина Нухажиев Нурдис


Оьрсийчоьнан президентан барамехь ву Нохчийчоьнан омбудсмен Нухажиев Нурди (кIайн духарахь) - архивера сурт
Оьрсийчоьнан президентан барамехь ву Нохчийчоьнан омбудсмен Нухажиев Нурди (кIайн духарахь) - архивера сурт

"Маьрша юкъаралла кхиош толамаш бахарна а", "адамийн бакъонаш ларъярехьа къахьегарна а" Росгвардин массех эпсарна орденаш а, мидалш а елла Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис.

Росгвардин Веданарчу "Къилба" декъан буьйранчина, Кадыров Рамзанан юьортахочунна, подполковник Межидов Хьусайнна тIеттIа ши совгIат дина Нухажиевс – елла "Юкъараллахочун доьналла гайтарна" ("За гражданское мужество") орден а, "Оьрсийчоьнан патриот" мидал а.

Омбудсмено совгIаташ дала хьакъвинчу Межидовс массех бутт хьалха, "мот схьабаккха беза", муха велла а ца хууш, велла каравайта веза, аьлла, видео яржийра YouTube-хула, Шема вахана аьлла, доцург тIе а кхоьллина, бехктакхаме ша озийча, Нохчийчуьра веддачу, хIинца Кадыровн Iедалера дуьйлу анташ интернетехула емалдеш хуьлучу блогерна Абдурахманов Тумсона кхерам тосуш, яздо "Кавказский Узел" портало. Цуьнан агIонтIехь Нохчийчуьра бахархой цецбуьйлу, президентан цIарах нехан бакъонаш ларъян хIоттийначу хьаькамо яьккхинчу гIулчах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG